ВАЖНО!

iMarat_kavkaz
iMarat_kavkaz
Сегодня в 01:35:17

ALLAHU AKBAR ALH1AMDULILLAH
iMarat_kavkaz
iMarat_kavkaz
Сегодня в 01:34:23

Аль-Хаят Медиа" (ИГ) опубликовало новое видео на русском: "Визит в город Мосул (#Ирак)" - http://youtu.be/Q9OwegVFtko /
iMarat_kavkaz
iMarat_kavkaz
Сегодня в 00:56:26

muslimunn,
Alh1amdulillah
muslimunn
muslimunn
Сегодня в 00:30:47

уггар дик муджахидшиг д1а елла Мосул
muslimunn
muslimunn
Сегодня в 00:29:51

Аллахо ИГ кара д1а елла
Аллахан дик хаъ хьаьнг яла еза
_Адам_
_Адам_
Сегодня в 00:22:31

Яц, Аллахи карахь ю hmm
_Адам_
_Адам_
Сегодня в 00:21:34

Д1а довл, оьзах вахита аш со sorry пшол.
Khatada
Khatada
Сегодня в 00:21:08

muk1min,

х1инца цер керах йуй и Мосул?
_Адам_
_Адам_
Сегодня в 00:14:33

Дист хилал ахь ца хееч, д1а виж веш ву со boredom
_Адам_
_Адам_
Сегодня в 00:10:48

Ассаламу алейкум, вежри, какие кто знает название всех трав который использовал Пророк сас? Очень нужно. У меня есть 4 разных трав, но названий не знаю, если вы скажете названий, я узнаю что у меня есть. Лечение хочу начать ин ша Аллах.

Только зарегистрированные посетители могут писать в чате.

Последние комментарии

Автор → Tulat-15
в новости →
Египет онлайн
Автор → Anas
в новости →
Дагестанский пропо ...
Автор → Ichkeriya96
в новости →
Дагестанский пропо ...
Автор → sayfalislam
в новости →
Дагестанский пропо ...
Автор → 03.03.2012
в новости →
Дагестанский пропо ...

Опрос посетителей

Что главное в девушке?

Красота
Иман

Твиты

Реклама

ХIара ца ялийнехьара, важа ялийнехьара олий дагадогIу хан яьлча...

Полезное /
Просмотров:1620
19-09-2012, 09:49 | Автор:REDKIY
Хаттар:

Кхин цхьа хаттар дара сан, зуда ялорах лаьцна, хIара ца ялийнехьара, важа ялийнехьара олий дагадогIу хан яьлча. Оцунах лаьцна хаа лаьара суна, и зуд ялор а, маре яхар а заранее предопределено олу вай (рицкъа хилларг бен хила йиш яц олий), иштта дуй и?



Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Иштта ду иза. Цхьаъа шеко йоцуш, рицкъа хилларг бен хила йиш яц. Дала яздинарг бен хила йиш яц. Цхьамма цхьа зуда ялийнехь, йа цхьаъ цхьаьнга маре йаханехь, иза иштта Дала яздина хилла. Ткъа, ас хIара а ца ялош важа ялийнехь боху ойланаш дика ойланаш яц хилларг хилла даьллачул тIаьхьа. Ша иза ялоле хьалха йан еза дикка ойла, циггахь хьажа веза дикка ша́ дийриг хIун ду а, ша́ мича кхевдаш ву а. Ялоле хьалха ша́ лелон деза бахьанаш лелийначул тIаьхьа, тIаккха ша́ ялийначу зудчуьнгахь цхьадолчу хIуманна ша́ реза вацахь, иза нисдан а, туодан а гIорта веза, хаза бертахь, оцу зудчуьнца цхьаьне. Амма ас цхьа важа ялийна хиллехь бохуш ойланаш еш Iар лартIехь дац. Цул чIогIа дацахь, и санна галдаьлла, лартIехь доцу хIума ду зудчо иштта ойланаш йар. Со хIокхуьнга а ца йогIуш, кхечуьнга йаханехьара бохуш ойланаш йар. СубхьаналлахI, и ойланаш шен берашна дIахезча, оцу берийн хIун ойла кхоллалур йара хаьий-те цунна?! Йа цуьнан ойла хIунда ца йо-те цо? И доьзал кхоллар-м цхьана адамах доьзна Iаш даций, иза-м масийтта адаман дахарца хотталуш долу хIума дай. Иштта хIума олуш волу стаг еккъа шен хIусамнанна реза воцуш хилла ца Iа, йа иштта ойла еш йолу зуда а веккъа шен хIусамдена реза йоцуш хилла ца Iа, и шаьшшинан бераш хIокху дуьненахь хилла ма делара бохург хуьлу иза, ткъа иза оцу берана дIахиъча… шен дас, йа шен нанас иштта хIума олуш шена хезча, шена хIун хетар дара ойла йан еза. И бер оцу дех-ненах бен кхолладала йиш йолуш хилла дац, кхечу зудчуьнца, йа кхечу майрачуьнца къаьсттина и бер кхоллалойла дацара. Цхьа кхидолу бер хила тарлора захало кхечу кепара динехьара, амма къаьсттина хьо хуьлийла дацара хьайн дех-ненах бен.

Iовдал хIума ду, дика хIума дац и ойланаш коьрте хьийзор, цундела, иштта ойланаш шен коьрте яьхкича, царна доьхьало йан еза, шайтIанна луург даккха ца деза. Мелхо а, церан меттана, ас сайн хьал туо муха дийр дара-те, со нис муха лур вара/йара -те, Дела реза волчу кепара ас сайн дахар нис муха дийр дара-те аьлла ойла йан еза.

Йа нагахь санна дахар жоьжахатин хьиспе дирзина делахь, нисдан а, туодан а кхин некъ биссина бацахь, дIасакъаста деза. Далла бу хастам, ишттачу хьолехь дIасакъаста бакъо елла Дала, цхьадолчу кхечу динашкахь санна доцуш, иза а Бусалба динан дикаллех ду.

Дика хуург Дела ву, иштта и ду суна оцу хаттарехь гуш дерг. Нагахь санна иза нийса делахь, иза Делан къинхетам бу; нагахь санна иза гIалат делахь, иза соьгара а, шайтIанера а ду, АллахIаца ларло вай цунах а, цуьнан вочу ойланех а, цуьнан мекарлонех а.
  • 0




djabirdjan | Группа: ЛаманСерло VIP |
20 сентября 2012 07:06 #1
djabirdjan
vaja ha yal ya yezkh shen i dag denyah)

Написать комментарии

Информация

Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии к данной публикации.